Зарегистрироваться
Восстановить пароль
FAQ по входу

Дыхаев В.А., Шайхиев А.Х. Нохчийн литература. 10-чу классана учебник

  • Файл формата pdf
  • размером 3,74 МБ
  • Добавлен пользователем
  • Описание отредактировано
Дыхаев В.А., Шайхиев А.Х. Нохчийн литература. 10-чу классана учебник
Чеченская литература. Учебник для 10 класса. — Грозный: Арфа-Пресс, 2009. — 122 с. — ISBN: 978-5-91528-009-9.
Исбаьхьаллин произведени еша хаар – иза говзалла ю. Произведенин духе а кхиъна, цуьнан маьIна дан а, нийса мах хадо а хаар – доккха похIма ду. Бакъйолу литература – иза муьлххачу къоман юьхь, эхь-оьздангалла ю. Цо бовзуьйту кхечу къаьмнашна оцу я вукху халкъан Iep-дахаран дIахIоттам: гIиллакхаш, ламасташ, амалш. Оцу халкъийн генна дIадахнарг а, таханалера дахар а. Исбаьхьаллин произведени йоьшуш, дешархочо цуьнан авторца къамел до, дуьнене а, хуьлуш болчу хиламашка а иза цуьнан кхетамца хьоьжу. Цхьадолчунна тIехь яздархочуьнца реза хуьлу дешархо, цхьадерг цо тIе ца лоцу. ТIелацар-цалацар – и ши кеп ю кхузахь коьрталла лелориг, хIунда аьлча, цара гойту дешархо произведенин духе кхиар я ца кхиар. Исбаьхьаллин литературо лакхайоккху дешархочун синан оьздангалла, цуьнан кхетам, хьекъал. Иза къаьсттина доккхачу маьIне ду вайн Iилманан-технически кхиар шен лаккхарчу билгалоне кхаьчначу заманахь. Тахана Iаламат хала ду шен къоман а, дуьненан а литература ца евзачух, иза кхетам-хьекъал долуш стаг ву ала. Амма баккъала корматалле, кIорггера чулацам болу произведенеш дешархочунна кхета хала хуьлу. Оцу тIехь царна гIоьнна богIу Iилманчаш, литературоведаш. Цара шайн белхашкахь босту оцу я вукху произведенин чулацам, хадабо цуьнан мах. Цундела пайде ду дешархошна и тайпа белхаш бешар а. Иза данне дац дешархочо царна хетарг, цара билгалъяьккхина произведенин мехалла дIаса ца таьIIаш тIелаца еза
бохург. ХIорамма шен корматалле, кхетаме хьаьжжина хадор бу произведенин мах. Иза ду коьртаниг. ХIунда аьлча, бакъйолу произведени, тIехула гуш долчуьнца цхьаьна, шен чоьхьара, авторо къайладаьккхина, кхечу дешнашца, васташца билгалдина маьIна долуш а хуьлу. Кхин а ду цхьаъ. Ша муьлхха а произведени йоьшуш, дешархочо коьрта тидам тIебахийта беза цуьнан синцIоналлин агIонашна. Уьш дахарехь ша а дIакхехьа хьажа а веза. ТIаккха адамашна юкъахь хир яц хьагI-гамо, цIинделла-цIанделла, сирлачу безамо а, вежараллин доттагIалло а олалла деш, хазделла дIахIуттур ду вайн дахар. Цундела вайн школашкахь боккха тидам тIебохуьйту исбаьхьаллин литература дешархоша Iаморна. 10-чу классан хIокху учебнико дешархошна йовзуьйту нохчийн литературан юьххьехь лаьттинчу Арсанов СаьIид-Бейн, Мамакаев Мохьмадан, Ошаев Халидан, Гадаев Мохьмад-Селахьан, Исаева Мареман, Музаев Нурдинан, иштта царел тIаьхьа юкъабаьхкинчу яздархойн Эдилов Хасмохьмадан, Гайсултанов Iумаран кхоллараллаш. Цаьрца цхьаьна дешархоша Iамайо гIалгIайн яздархочун Базоркин Идрисан а, гуьржийн яздархочун Казбеги Александран а произведенеш а.
Xlopa яздархочун кхолларалла толлуш, къаьсттина тидам тIебохуьйту произведенийн идейно-исбаьхьаллин коьрта агIо гучуяккхарна.
Кхеташ ду: Iамош йолу произведени ешначул тIаьхьа бен, оцу произведених лаьцна учебника тIехь дуьйцург дешарх, хаарш кIорга а хир дац, учебнико дуьйцучух кхоччуш дешархой кхетар а бац. Учебника тIехь хIора яздархочун кхолларалла я дакъа чекх мосазза дели далочу тIедахкаршца, хаттаршца болх баро литературан произведени талла Iамор ду шу, дешархой. Ткъа билгалъяьхначу темашна сочиненеш язъяро и хаарш тIечIагIдийр ду. Оцу я вукху яздархочун произведенеш а ешна, учебнико царех лаьцна хIун боху хьаьжча, текстех дика кхетар а ду шу, литературин кхоллараллин маьIна шун кхетамехь лакха а дер ду. Литература Iамош дика хаа безаш бу цуьнан жанрех, законех болу теоретически кхетамаш. Уьш хиъчий бен, кхачалур вац литературин исбаьхьаллин кIоргене. Учебник Iамош шун коьрта гIоьнча – хьехархо ву. Цуьнан хьехамаш, цо тIедехкина гIуллакхаш дика кхочушдан деза. ХIара учебник аша шаьш бан безачу балха тIехь шун йоккха гIоьнча хилла дIахIотта декхар ю.
  • Чтобы скачать этот файл зарегистрируйтесь и/или войдите на сайт используя форму сверху.
  • Регистрация